День Чеченского языка
19.05.2025Вайна массарна а хууш ду, вайн мехкан куьйгалхо Р.А. Кадыровс, 25 -г1а апрель- нохчийн къоман исторехь дезачу денойх цхьаъ хилла д1ах1оьттина. Нохчийн Республикан Президентан Указ 11.05.2007 ш. Соьлжа- г1ала номер 207. Ненан меттан Де ду аьлла, д1акхайкхош, арадаьккхина указ хиларца билгалдаьлла хилар. Доккха совг1ат хилла д1ах1оьттина и дерриге къомана. Цунна лерина вайн Дешаран Центрехь д1ахьуш йу нохчийн меттан йиллина урокаш, тайп-тайпана къийсадаларш, нохчийн йаздархошца а, 1илманчашца а классал арахьара цхьаьнакхетарш.